Есть ответ 👍

Сро000000чно ребята помагите . Переведите чеченский текст на русский :
БІаьрг сацош, вехо-о хьалахьаьжча, біагор хьаьвза цу ломан локхаллина. Чхерийн лаба хьалха а оьзна, тlехарца кечбелча санна лаьтта и буьрса лам. Шеран еа хенан къастам ца беш, дохк- мархаца хьулдо цо шен оьгіазе амат. Іай-біаьста а, гурахь-аьхка а кіайн кирхьа кхозу цу ломана дуьхьал. Белхаран къурдашца боьра' а бекош, лакхара охьатуьйсу цу ломо шовда. Кхоаме хета цунна шех схьакъаьста тіадам. Хама боккха а бо цо ша-шен. Іинан хоршах мотт хьоькху шал шийлачу шовдано. ГІийла чIуг етташ, тача2 доккху цо шена. Некъан бохаллица, ша гіелдаларе терра, хьесталуш доьду и шовда Орган чу.

Шен готтачу хІусамна дан амал доцуш, гІовгіанца ха хоьрцу дерачу Органо, чхеран пенех цо тулгІенаш етташ, декарца лат- къам3 бо кІоргачу Іино а. ТІадамийн дохк айъина, эрна деттало Орга. Шен ницкъ эшабо цо. Меттах ца довлу турпал бердаш, Хин хичашка шайн хенаш а шардойтуш, шаыш долччу лаьтта уьш. Цу бердаша ца охку шайх Органехь йолу хало. Сих-сиха ше туьйсуш, гІулч шуьйрра йоккхуш, охьанехьа уьду са сиха Орга - паргІато лоьху цо.

Лам-м лаьтта Органах ял а оьцуш, шен когашкара охьаяьр- жина хьун дебош. Ка хьоькхуш лелийна дахдина мекх санна, Іинца дІаязало буьрса хьун. Юькъа ю и бодане хьун. Гаьннаш дІаса а тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш; царах орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша. Сеттина хьалагІерта маьI-маьПехь къахк. Хьуьнан маша буцуш, хьийкъина хьерча бІаьллингаш; царах пебетташ, гІан соьналла къарзъеш, цІен къегаш лаьтта дуьзна гаьннаш; юкъ-кара схьакъеда коча маъ а.

ГІашлойн некъ оцу хьуьнца бац, дошлойниг-м банне а бац. Акхаройн лар ю массанхьа а хаалуш. Мел къегина малх кхетарх, цу хьуьнхахь лаьтта тІуьна бода. Буьйсанца ижуна долало экха. Арц бекош Іаьха кура цІоькъа-лом, боьраца охьадаьржа цуь- нан оьгIазе аз. Лоьмах кхералой, цхьана метте хьаьвза стешха чагІалкх. Масех го боккху цо, юткъа тийжаш, тІаккха коьллаш кІел дІатеба чагІалкх. Ира муцІар хьала а уьйзуш, сема ладоьгІу парталчу чено. ГІовгІане садоьIуш, гаьннаш а кегдеш, йолало иза. Лоьман аз ца хеззе дІайоьду иза. Олхазар а дІатоь шен бена a

чохь, лом доладелча. Жирга' меттиг ю-кх, адаман кийра сингат- там тосуш, дегІе зуз доуьйтуш.

Вуьшта, лома тІера лаха охьахьаьжча, бІаьрго схьалоцу дуь-

ненан исбаьхьалла…

Къилбехьа лахлуш, генна дІабахло къегина арц; цуьнан йис- тошца йозуш, шерра яьржина го нийса аре. Орган чу кхаччалц яхлуш ю и аре. Ворданан некъо йоькъу и шина декъе. Малхо лепабо бай. Баьццарчу экъан тlе забарш хІиттош кечбина куз санна бу иза. Кузан чечакх санна, шина агІор еттало куллан, диттан соьналла. Байн йистошца кхиъна ю и соьналла. Кулло, дитто хьулдина лаьтта ардаш2. Басенца схьакъеда моггІара ир- зуш3. Къинхьегаман хьацаро дендина ду и ардаш. Белхалойн куьйгашца даьхна ирзуш. Малх кхетале балха йолу юрт… Жима а, воккха а тасало бІаьрмецигчу ломах. И къарбаллалц охку эделла латтий, жагIий. Цундела хьийкъина цхьабосса хьала- яьлла зІийдиг. Ирзошна тІехьа, лакхахула, хаало кІайн-къорза хьоькхнаш - жай, бажий ду басенца дежаш дерг.

МаьI-маьПехь бухдуьйлу шовданаш. ТІекхевдина лаьттачу
ІиндагІаша долчунна тІе а шелдо уьш, бухарчу жагІано серла- доху. Куьзган метта шовдан чу хьуьйсу юьртара мехкарий. Га долччохь тохалуш, гІаша шах-ших деш, орцара схьахьоькху байн мох. Оцу махо вахаво, нихано4 санна. Безамо санна, са хьоьсту цо - дог доьхна велахь, ойла ойуш, кийрахь белахь, бала дІаоьцуш. Сарахь-Іуьйраний олхазарш дека… Церан эшарца самаболу лекха арц. Цу эшаро гІаттадо кІорга Іин а. Боцчо бен лоху. Болчо бен табо. Са кхоьллина бІарлагIа ерриг а тохало.
ХIаваэхь кхойкхучу мукъаман хІо мала долало юьртара адам
a. Басе къарзъеш дIахІутту балха массо а кинхьегамхо.
Вай юьйцург-м бІаьсте ю. Ia а кхочу цу хазачу метте, шен
рожах ца духуш, кхайкхаре ца хьоьжуш, луьра Ia…

283
366
Посмотреть ответы 1

Ответы на вопрос:


Выпал - сказуемое , пушистый - определение , снег - подлежащие [ === ~~~   ]

Реши свою проблему, спроси otvet5GPT

  • Быстро
    Мгновенный ответ на твой вопрос
  • Точно
    Бот обладает знаниями во всех сферах
  • Бесплатно
    Задай вопрос и получи ответ бесплатно

Популярно: Русский язык

Caktus Image

Есть вопросы?

  • Как otvet5GPT работает?

    otvet5GPT использует большую языковую модель вместе с базой данных GPT для обеспечения высококачественных образовательных результатов. otvet5GPT действует как доступный академический ресурс вне класса.
  • Сколько это стоит?

    Проект находиться на стадии тестирования и все услуги бесплатны.
  • Могу ли я использовать otvet5GPT в школе?

    Конечно! Нейросеть может помочь вам делать конспекты лекций, придумывать идеи в классе и многое другое!
  • В чем отличия от ChatGPT?

    otvet5GPT черпает академические источники из собственной базы данных и предназначен специально для студентов. otvet5GPT также адаптируется к вашему стилю письма, предоставляя ряд образовательных инструментов, предназначенных для улучшения обучения.

Подпишись на наш телеграмм канал

GTP TOP NEWS