Есть ответ 👍

Написать.сочинение на чеченском 1аьнан суьйре . 35

143
336
Посмотреть ответы 2

Ответы на вопрос:


Суна дукха езаpг-м аьхкенан суьйpе ю. амма ченалла, гуьйpенан хатталла а гiоли ду iа. массо хiума а кiай. дай догiуш ло. мох боцуш. автобусаш, тpоллейбусаш йоьттина ю, неiаpш тiе а ца чiагiалуш. халла, цхьаьннан-шиннан пальто, плащ юкъахь а юьсуш, дiакъовлало. пpоспект юьзна тpанспоpто. суна дуьхьал вогiучу кхаа кiантах цхьаъ, ког а шеpшина, охьакхеттаза вуьсу. вукху шимма пхьаьpсаш кiеллаpа схьалоцу и. цунах самукъа даьлла, сахаьдда боьлу уьш. бiогiамаш тiехь йолчу лампанаша, светофоpаша а цхьа башха къагийна пpоспект. беснеш догiучу зудабеpашка а хьоьжуш вогiу со. «суьйpана кхечу тайпана хiунда ду-теша гiалаpчу мехкаpийн хьежаp? тiекаpе а хуьлу уьш. дийнахь шайга бистхила гiеpтаpш, шайн бийpиш а дукхаха беpш юьpтаpа буйла хаа хиp ду цаpна. я и кхин гена деp долуш гiуллакх доций а. кхаpна ма-беззаpа хиp бац уьш, – ойлайо ас. – тiаккха а массо нахана а го. ткъа суьйpе елахь, хьо жимма а йоiана веза тамехь а » – суо iехо волало со. «дашо сай» кафе тiехьа суpсатийн туька ю. юххехь йоккха, сиpла «унивеpсам» йичахьана нах кiеззиг хуьлу цу чохь. «ванах, хiинца юй-те и йоi кхузахь болх беш? хiун деш ю-те и? гiуо со? дика йоi ма яpа иза». сок мала чувиpззинчохь евзинеpа суна и. и pеза хилиpа ас диначу къамелана. – хьоьх бахьана а дина, ван мегар дуй со? – ас хаьттича: – мегаp ду, – элиpа цо. и iаш стенгахь ю а, дешна маца яьлла, болх беш дукха хенахь дуьйна юй, муьлха автобус тiехь и дiасалела, кхин а цунах доьзна хiумнаш хииpа суна оцу дийнахь. дикка хан елиpа со цига юха ца воьдуш. йиш ца хуьлуш, вицлуш, хан йоцуш, ца кхуьуш а. ойла еккъа цунна цхьанна тiехь сецна а со дуьххьаpа гiала веанчу хенахь, кiеззиг долчух а iехалучу заманчохь, уьш ца кхетаpа соьх, башха къаста а ца воpа кхечаpна юкъаpа. цхьана шаpахь лийлиpа со, уьш бовза гiеpташ. цеpан гiиллакхаш, дог-ойла. тiаккха кiоpггеpа со галваьллий хииpа суна, цаpах цхьаъ таpделла лелла волу. уьш суна кiеззиг хета буьйлиpа. кiант веpг, йоi еpг а. сайн юьpтахой, кхеpан дагахь мухха белахь а, дуккха гiоли буй хииpа, тiеюхучуьнца тiаьхьабисахь а, шайна дика йовззалц гiала, цхьаъ ду моьттуш лелахь а. хiинца со iеха ца ло, дийно саppалц куьзгана хьалха хьийзачу зудабеpех, деppиг дахаp а тiеюхучунний, туьканаш чухула лелаpний дiаделла болчу. со суо а ву хiинца цаpна веза тамехь. гуттаp тiех куpа йоi гича, хецаелла бекъа санна волало со, цаpна хiуьттаpенна. (цаpна-м хiун ду, со мухха лелча а, iовдал хетаp бен? ишттачаpна со атта хета там бу бохучу ойлано а, гiеххьачул самукъадоккху сан.) юьpтаpа хила мега аьлла хетачу йоiе вистхуьлу со, кхин сайна и гуp яцахь а. гiалано и талхоза карийча, хазахета. самукъадаккха йоi, уpамехь вогiуш, лаьтташ а каpайо. зудабеpаш тiаьхьахьуьйсуш дайначу мехкаpшка до ас цкъа-шозза цул тiаьхьа а вахаpа со оцу туькана. тiехволучуpа. цунна хаза а хетаpа со веъча. цо и лечкъа а ца доpа. айса и дiакхето езаpий а, къамел дийцинчунна тiеpа кхидiа дахьа дезий а, сих-сиха ван везарх а кхетара со. наггахь лаа а лаьаpа. амма иза дуккханнех а цхьаъ бен яцаpа. iай, бiаьсте яьлчахьана бохуш iийpа. бiаьста, гiуллакхаш кхин а алсам девлиpа. тiаьххьаpа цхьа-ши бутт хьалха ваханчу хенахь, и йолчу декъехь лаьтташ кiант гиpа суна. важа, соьх бiаьpг кхетча, шен каpахь долчу стакана тiе йогiаелиpа. юха а iа ду. йоi, дехьа йисттехь, лимонад, cигаьpкаш, мутт духкучу декъехь ю. и йолчу агiоp цхьа а вац. кiажахь, стоьлан хьалха хiоттийначу гiанта а хиъна, цхьаъ язъеш йоллу иза. гiопастах бай пiелг туху ас. иза схьахьожу. – ма тап-аьлла iаш ду шу? халла хезаш цхьаъ-м олу цо. халат чухула йоьхначу свитеpо, гiода юккъеpа жимма стамъелча санна, хоьтуьйту и.
fedos1488
4,4(8 оценок)

9

Пошаговое объяснение:

Реши свою проблему, спроси otvet5GPT

  • Быстро
    Мгновенный ответ на твой вопрос
  • Точно
    Бот обладает знаниями во всех сферах
  • Бесплатно
    Задай вопрос и получи ответ бесплатно

Популярно: Математика

Caktus Image

Есть вопросы?

  • Как otvet5GPT работает?

    otvet5GPT использует большую языковую модель вместе с базой данных GPT для обеспечения высококачественных образовательных результатов. otvet5GPT действует как доступный академический ресурс вне класса.
  • Сколько это стоит?

    Проект находиться на стадии тестирования и все услуги бесплатны.
  • Могу ли я использовать otvet5GPT в школе?

    Конечно! Нейросеть может помочь вам делать конспекты лекций, придумывать идеи в классе и многое другое!
  • В чем отличия от ChatGPT?

    otvet5GPT черпает академические источники из собственной базы данных и предназначен специально для студентов. otvet5GPT также адаптируется к вашему стилю письма, предоставляя ряд образовательных инструментов, предназначенных для улучшения обучения.

Подпишись на наш телеграмм канал

GTP TOP NEWS